«ЗАМА»
*(1)*
Шераш Ӏенош йедда йоьду зама,
Хаза хан вай эцна шеца дӀа,
Хууш дац-кха тӀе хӀу догӀу кхана,
Де мел дели халчу дуьйлу дахар.
Са жималла йисна когашӀуьйра,
Дагалецамаш схьа лехьаба.
Цхьаммо дийцац суна хӀинца туьйра,
Кху дуьненах дог са Ӏехада.
Кху дуьненах дог са Ӏехалац.
*(припев -1)*
Маржа яӀ дуьне,
Оццул эггӀал хьо, сох хӀу даьлла-те?
Цхьаъ даьллехь гечде!
Ца тоьъна-те
Ахь сох мел тесна цӀе?
Жималлех яьккхина,
Ирс схьа а даьккхина,
Йитна цхьалха ахь,
ГӀийла лела дӀа.
*(1)*
Шераш Ӏенош йедда йоьду зама,
Хаза хан вай эцна шеца дӀа,
Хууш дац-кха тӀе хӀу догӀу кхана,
Де мел дели халчу дуьйлу дахар.
Са жималла йисна когашӀуьйра,
Дагалецамаш схьа лехьаба.
Цхьаммо дийцац суна хӀинца туьйра,
Кху дуьненах дог са Ӏехада.
Кху дуьненах дог са Ӏехалац.
*(припев -1)*
Маржа яӀ дуьне,
Оццул эггӀал хьо, сох хӀу даьлла-те?
Цхьаъ даьллехь гечде!
Ца тоьъна-те
Ахь сох мел тесна цӀе?
Жималлех яьккхина,
Ирс схьа а даьккхина,
Йитна цхьалха ахь,
ГӀийла лела дӀа.